#Хаттар: Анонимно. Ассаламу lалайкум варахьматуллахlи вабаракатухl! Хlара хаттар къайла даьккхана бен жоп малахьара ахь....Хаттар къайла даккхалахь ваш(дехар ду) Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! 1илма 1амо ара волучунга дан весеташ дуккха ду, делахь доцца, коьрта дерг хьахича, уггар хьалха йо1аршца долчу х1умнах хьо д1а ца ц1анлохь ахь цхьа а 1илма 1амор дац, иза уггар хьалха дерг ду, церга д1а хьежар, я церц связь латтор бохуш долчух д1а ц1ан вала веза массо х1умнал хьалха, телефоне интарнете хьой х1аллак ма вайта, хьайна т1ехь хьайга 1уналла далуш дац, уггар дик тел. фонарик ю хьуна, хьай тоха г1уллакх хилча бен хьала ца латош лело. Т1аккха хьай ц1ера хьой ара вале, хьой охьа хаи, хьайга хаттар де, 1илма 1амо со хунда воьдуш ву али, нахе тамаш байт? нахац къийса вала? нахан хьалха ч1ог1а стаг хила? нахан хьалха вала? нах хьайга ладухаш хилита? нахан хьалха сий долуш хила? нах жоьжахатах хьалха баха? оцу муьлхха хьай ният делахь дукх сих и хьай ният д1а даккха, я хьай ц1ахь 1е, хьа хила дезаш долу нийса долу ният, Аллах1ан нийса 1ибадат дан сайна 1амо воьдуш ву со, и ду хьа хила дезаш долу нийса ният, цул т1аьхьа цунца хила мегар нахан пайда бар, нах жоьжахатах хьалха бах, нахан дин диц бохурш, хьалхар 1алашо айхьа нийса Далла 1ибадат дар ю. Т1аккха, 1уьйра ламазца долу гергарло д1а таса, пхиэ ламаз маьждиг чохь хила дезаш ду, къестина 1уьйри, пхьуьри дерг, маьждиг чохь дина доцу фарз ламаз ламаз хета дезаш дац хьуна, иштта церца лар де лаххар барам фарз ламазашца х1итта делла долу суннат ламазаш мукъна, иштта 1илм 1амош волчунна буьйсанах 1 рака1ат дина, 3 рака1ат дина тах1ужжуд ламаз ду хила дезаш, иза ца хилча ца долуш дерг ду, хьуна хета тарло айхьа хоьттург дешарх лаьцна весет ма дар, х1ара 1ибадаташ дагар дан ма вола велла аьлла, оцу т1ехь ч1ог1а г1алат а бовлу вай дуккха доьшуш берш, хьуна уггар хьалха хаьа деза деккъа хьан дешар хьуна пайде даци, наагхь цу дешарца хьой 1амал яш вацахь, мелхо цу дешаран уггар коьрта йолу 1алашо а яц Аллах1ан нийса 1ибадат дар бен, ахь деш 1ибадат доцуш 1амина долу 1илманаха цкъа делахь беркат хир дац хьуна, шозлог1 делахь ахь дуьйцарг нахан дагахь кхетар дац, кхозлог1 делахь эхартахь и 1илма бале дер ду хьуна, и 1илма бахьнехь жоьжхате кхочур ву хьо, диолг1а делахь ахь деш долчу 1ибадате хьежжина бен 1илма 1аморехь ка дер дац хьа, хийла 1илам 1амош верг гина вайна, 1ибадатах цхьа х1ума лела де аьлча, хан яц олуш, оцу 1ибадатан луш йолу хан эран ю моьттуш, иза хан яйъар ду моьттуш, мелхо цунна хаьа дезар ша 1ибадатехь сов мел волу бен Дала шена хенац беркат деш доци, иза дукха проверка йина х1ума ду, хьенна проверка ян йиш йолуш х1ума а ду, масала 1уьйра ламаз хена хьала г1атти, ламаз маьждигехь дай, т1аккха азкараш деш, Къуръан доьшуш духьа хан хиллалц маьждигехь 1ай, т1аккха духьа дай хьай чу г1ой, т1аккха хьай урок д1а йола яй делкъа хан хиллалц айхьа мел болх бо хьажа, юха кхана иштта 1уьйра ламаз хена хьала г1атти, делахь ламаз хьай чохь де, азкараш ма де, Къуръан ма деша, мол ма кхайкхин сразу хьой д1а хотти ламаз дай, сразу хьай урок ян д1а хотти, делкъа хан хиллалц болх бай айхьа мел болх бина хьажа, селхан бинарг, тахан бинарг сов муьлхарг бу хьажа, цхьа а шеко йоцуш дуьххьарлер дийнахь бинарг сов хир бу хьуна, хьекъалца дуьстича шозлог1 дийнахь хан алсам якхнер урок яш, амма динарг дагар дича дуьххьар дийнахь динарг алсам кари, бахьан ху ду? бахьан ахь динчу 1ибадате хьежжина Дала беркат дина хьуна хьан хенац, ас дукхаз ойла йина хьалха д1абаханчу баккхи имамаш 1илма 1амор некъан, дукх цец вуьлуш ойла йина ас царна и хан мичар йолуш хилла техь бохуш, Имам Навави масала, дийнахь 19 дар моьт сун урок шена схьа оьцуш ерг хилла цунна, 9 яр те, я 12 яр те числош даг ца дог1 суна, дукх хьалха яшна ас иза, оццула ша д1а хьоьхуш хилла цунна, юха ше язош долу жайнеш, кхи дерг, юх Имам Ахьмад, х1ора суткехь 300 рака1ат ламаз деш хилла цо, Имам Ахьмад ву хьадисехь уггар доккха жайна язинарг, 52том хьадис жайна ду цунна тахан вайна юккъехь лелаш, вуьштта шен урокаш, хьадис схьа эца д1ас воьдуш беш болу некъ, оцу дерриге х1уман 24 сахьт муха тоьаш хилла те цу нахан бохуш мел дукх ойла ярха са хьекъал т1е ца кхиана, са хьекъал т1е хунда ца кхиана аьлча, оццула хан сутки чохь ца хиларна, айса и х1умнаш лело хьежан хиларна, мел ч1ог1а хьежча а оццула церан барамашна улле ца вахло, т1аккха цунна жоп ца карина суна цара деш долу 1ибадат бахьан долуш Дала царна деш беркат хиллакх иза бохург бен, цун дела уггар коьрта ду 1ибадат бохург. Юха х1ора дийнахь доьшуш, дагахь 1амош дацахь а т1ера доьшуш, ца доьшуш цхьа а де ца долуьтуш, мел ч1ог1а сих хилча, мел ч1ог1а хан ца хилча, мел ч1ог1а х1уу хилча юкъар ца долуьтуш доьшуш Къуръан т1ера цхьа барам хила беза, ах жуз, жуз, 2 жуз, 3 жуз, хьайна луъчулла хотта бе, амма коьрта дерг сийна ц1е ялла хьал делахь а, набарна леш велахь а де ца долуьту и хьай барам ца доьшуш, 1илма 1амина ваьлча Къуръан доьшар ду бохург дан дац, 1илма 1амош хена ца дешнарг ваьлча х1етте доьшар дац, мут1елам хила йиш яц х1ора дийнахь доьшуш лелош шен Къуръан цхьа барам боцуш, ахь юха хьайна даг ма даита хан хир яц бохург, хан ю, ахь Къуръан гергарло алсам мел лела до а Дала беркат деш ду, иза проверка йина х1ума ду, салафш шай г1уллакх дан шайна хан ца тоьъча, шай дийнахь Къуръан т1ера доьшуш болу барам сов боккхуш хилла, ойла йича цец вала х1ума ду, хьай урок ян хан ца тоьуш ву хьо, вай кхетамц ойла йича суна урок ян хан ца тоъу аьлла доьшуш долу Къуръан сацо дезаш хуьлукх, иза тахан дукхха доьшуш болчара лелош х1ума дукх, амма салафш шей барам 1адам мухле ца буьту, мелхо шай барам кхи сов боккхуш хилла, хунд аьлча Къуръан барам шеш сов бекхча, Дала хенац беркат дой, дийнахь алсам х1ума дан ка долу шай олуш хилла. Иштта 1уьйран суьйран долу азкараш ларо деза. Т1аккха дец-ненас ч1ог1а дик хилар, х1ора дийнахь церц связь латт яр, цу шинга хьайна до1 дайтар сих сиха, хьай дешарц, кхетамц ка далита али до1 де хьайна олуш. Т1аккха, 1илам 1амош волу стаг дийнахь д1а вижар бохург хуьли хууш хила везаш вац, 1уьйра ламаз до ахь, пхуьра хан хиллалц д1а виж аьлла дег1 охьа дилларг лар вала везаш ву. Т1аккха, 1елам нехан хьакъ довза деза, церан лерам хаьа беза, церан сий хаьа деза, дукх ч1ог1а, дукх т1ех ч1ог1а лар вала веза 1елам стега хьокъехь хьай багар во цхьа дош далитарха, нагахь деликх, цунна т1аьхьло т1аьхь гур ю хьуна, ца гуш виса йиш яц, 1елам нехан хьокъехь во мотт ле беш волчу стагехь мел ч1ог1а доккха 1илма делахь а цунна 1илманах цкъа а беркат хуьлуш дац хьуна, хилла дац хьуна, цу х1уман далил истори ду хьуна, тахан гуш шортта масалш ду хьуна, цунах дийца деха ду, дехам ас лакхахь дийцнарг х1ора ду дийца деха, делахь хьехар де аьлла, цунга ладоха лууш волчунна хьал довзал х1ума ду хьахош, вуьштта церан х1оранна объяснениш ян воьлча дийца ца ло, хоьттуш верг кхетам схьа эца хоьттуш вукх оли, кхетам схьа эца волчунна иштта де, вуьшта ма де аьлча кхачам бу оли доцца хьах до, дех дийца лур доцан дер, дукх дех долан дер, церан коьрта хилар доккха долан дера. Т1аккха 1елам нахан хьой лерам ас ца дуьца, и луьш болчу нахац гергарло ма лела де, я церца охьа ма хиша, нагахь гергарло ца лелич ца долуш стаг велахь цунна бехкам хотта бе хьайна хьалха цхьана 1елам стеган во ц1е йоккхур яц али, ч1ог1а ларо дезаш х1умнаш ду уьш, дог ч1ог1а тамшина х1ума ю, экаме х1ума ю, цамгар кхета жимма х1ума тоьъ цунна, цун дела лар де хьай дог Аллах1 гергар нехан хьокъехь во къамел хазарха лар де, ца лардахь телхар ду хьа, телхича юха нис далар бохург Дала цхьа къинхетам ца бахь хир дац. Юха такфир бохучу х1умнах дукх гена вала, ахь бохар и такфир деш болчу мут1елимш д1абахан 1елам неха дешанш, цхьац бух бала бо, са хатта дар хьоьга, мичахь бу и д1абахан 1елам нах? ху бух бу цара балош, я ахь буьцарш ху мут1елимш бу? деша воьду аьлла цхьана д1а вахча хуьлуш ву цунах мут1елим? я 1елам стаг? 1елам нехан г1алаташ билгал дохуш ч1ог1а нах? цхьана д1авахан, ши шо деккхина схьа веъча цунах иштта воккха 1елам стаг хуьлуш велахь х1инцам вай къома юккъхь суна хетархь х1ора итт стаган юккъехь цхьаъ 1елам стаг ву хьуна! цхьан мут1елими ц1е яккха суна дин вай къома юккъер, проста цхьан мут1елими ц1е яккха 1елам стаган хьалха охьа хууш 1илма 1амош, цу 1елам стагца ше некъ д1а хьуш, цу 1елам стагца шершкахь схьа вог1уш волуш, цу 1елам стагца 1акъидат иштта кхи долу жайнеш дешна волуш такфир деш волчу цхьан мут1елими ц1е яккха...? ас дош локх хьуна ца кхоьрруш вай къома юккъехь хьуна иштта верг карорг ца хилар т1ехь! оцу такфир мел деш болу мут1елимшна юккъехь 1елам стагца охьа хиин дуьххьар дуьйна чекх даллалц цхьа 5 жайн мукъна 1акъидат дешна стаг вац аьлла ас ца кхоьрруш дош локх хьуна! т1аккха ху такфир, ху 1акъидат, ху 1илма дуьйцу вай вообше!? такфир мел деш верг улле словарь йиллина жайнеш дешна аьлча нийса хир дац, и шена еза меттигаш жайни чуьр лаха лохуш, уьш яшна ву, я интарнетчуьра 1илма 1амина ву! кхечу кепарам вац! 1елам нахац доьшуш, церга 1илма схьа оьцуш вай мут1елимш бу, амма церах цхьаам вац х1окху наха лелорг лелош! 1илма ца 1ама дар ду вайна хилларг дерриге, нахан моьтту Египте д1ама вахан цигахь корт схьа бости, чу 1илма дутти схьа воуьту! и хеташ верг цкъа кхуза веан хьаж веза мут1елими хьал, хьолах дог лозуш волу стаг холча хоьттина д1а г1ур ву, хийла кхуз веанчо олукх хьуна, шена кхуза веъча иман хьал дер ду моттар, ша кхуз веъча кхи т1е гал вели оли, бухарчера хьоле хьежжина ду иза, меттигах доьзна дац, иштта ду вай мут1елими хьал, х1ара х1умнаш ца дицич ца долучу т1е даьлла вай хьал, хунд аьлча Египтехь, Са1удехь, кхечанхьа доьшуш, къехь де деш, 400 жайна дешна чекх деккхина бохуш яккхи рекламаш ю чохь вижин 1аш, 1уьйра ламаз а шен хена деш воцуш, т1аккха цу нахах хьал ца девзу нах 1еха лой, цара цхьаъ дуьцу моьттуш шеш лелочух шек бовлу, долш долу хьал кхи ду. Т1аккха цара далош долу д1абаханчу 1елам неха дешнаш, уьш цара шеш хьизош ду шайн дезачу кепар, улле словарь йиллина жайна дешча хуьлуш дерг ду иза, я интарнет чуьра видеошка хьоьжуш 1илма 1амича хуьлуш дерг ду иза, я шай ца кхетамц хьовза до, я шай дег1 лаам хьалха боккхи хьовза до, масала ахь буьцу такфир дечу нахах гинакх вайна малон ламаз дитнарг кафир вац аьлча, и кафир вац бохург муржиит ву бохуш! мич 1елам стага бохуш ду иза!? кхаъ мазх1аб да, кху умматехь дукх болу 1елам нах муржииташ хилла!? мич 1илманц, мич 1елам стегац къамелц, я мич бухац деш къамел ду иза!? юха иштта хьера даьлла къамел ду Аллах1 1арш т1ехь вац бохург кафир ву, цу т1ехь массо 1елам неха барт бу! т1аккха схьа далош долу дешнаш хьалхалера 1елам неха дешнаш ду, т1аккха хьа ма кхол яллара неха шеко кхолла ло, мут1елимш боху иза, схьа далош баккхи 1елам нехан къамелш ду оли! д1а хаттиш, хьалха ца хиллехь тахан муьлхчунна аьтто ма бу 1елам стагца связь ян, жимма бахьан дич хьана, кху умматехь бевзуш болчу 1елам нахах шайна луучу 1елам стагца связь яй хаттиш Аллах1 1арш т1ехь вац боху стаган такфир деш дуй, цун т1аьхь хоьттина ламаз дан мегар доцуш хьал дуй али! кху умматехь иза иштта ду олуш шайна цхьа 1елам стаг кар вой хьовсиш! са къамел 1ад дити, соьга ла ца духуш, ахь бохаркх хьой 1елам нехан некъа т1ехь д1а г1ур ву аьлла ният долуш ву, хинца ас бохукх хьоьга, иштта дуй иза али хьайна луучу 1елам стагац связе вали хатта! иза иштта ду, Аллах1 1арш т1ехь вац бохург кафир ву, цун т1аьхь хоьттина ламаз дан мегар дац бохуш цу наха далош ахь ма аллара баккхи 1елам нехан дешнаш ма ду, и дешнаш д1а гойтуш хатта 1елам стаге, кхерах лууш дерг хун ду али! х1окху кхетам боцу наха, 1илма мич аг1ор ду ца хуучу наха, уггар дукх дешча а улле словарь юлли жайна доьшуш, я интарнет чуьра видеошк хьоьжуш, 1илман ц1арца къамел деш нах 1ехош болчу нехан боцу кхетам бу иза, интарнет чуьра видеошка хьоьжуш 1амош хилча 1илма нах ху деш лела дуьне мел ду 1илма 1амош? иштта Аллах1 1арш т1ехь вац бохуш верг кафир ву, цунна т1аьхь хоьттина ламаз дан мегар дац бохуш цара далош долу хьалха лера 1елам нехан дешнех х1орш шеш кхетта бац, кхарна цара дуьйцарг ху ду ца хаьа, юха т1аккха 1илма 1елам стагер схьа эца дезаш ду, цу 1елам стага билгал деш ду иштта йолчу меттигашкахь лууш дерг, 1елам стага жайна язош, къестина хьалхалера 1елам наха жайна язош шеш мел олучу дешан объяснениш ма ца яхка ло, амма церан дашах лууш дерг, нийса 1елам нах бен ца кхета, цера кхи долчу жайни чу а хьовси, цо мич хьолехь, хьан аьлла ду хьовси, хьуна т1аккха жайна доьшуш 1елам стаг билгал до кхузахь лууш дерг х1ара ду оли, оцу д1абахн 1елам наха Аллах1 1арш т1ехь вац аьлларг кафир ву, цунна т1ехь хоьттина ламаз дан а мегар дац бохуш буьцуш берш жах1мити, му1тазалити хьалха бевла лелла болу коьртеш бу, уьш Аллах1 куцошна инкарло яш хилла бу, ткъа йоккха башхалла ю, стиглани латтани санна йоккха башхалла ю цхьа аят дерг, хьадис дерг вай ц1ера наха санна цхьан кепар тида тидин Аллах1 1арш т1ехь вац аларни, Аллах1 1арш т1ехь ву бохучу х1уман инкарло ярни! а х1ара чохь т1екъал бевла, кола молуш интарнет чуьра видеога хьовси схьа бог1уш болчу нахан и къасто ца хаьа, цхьан хенар цхьан 1елам стага цу хьокъехь аьлла долу дешнаш, вообше кхи хьал долчу нахан т1е диссош ду, ткъа тахан кху дуьнен т1ехь мел волу 1елам стаг гал ваьлла и х1ума ца девзуш!? х1окху жех1ал нахан евзуш йолу и 1акъидат евзуш бац тахан кху дуьнен т1ехь мел болу 1елам нах!? кху дуьнен т1ехь мел болчу 1елам наха ца гина кхарна гина долу оцу хьалхалера 1елам нехан дешнаш!? игиш хьокъехь х1ума хилчам 1едалх кхоьра бакъ дерг дица оли х1ума кар дор царна ала, ткъа Аллах1 1арш т1ехь вац аьлларг кафир ву ала хьанах кхоьруш бу!? я и нийса 1акъидат х1окхарна бен евзуш ца хилла те? ма дарра аьлча, доц аьлча, иштта раз пурх х1окху наха деш долчу такфирин цхьа а далил дац дало, Шайх 1усаймина ма аллара Шайх Ибн Iусаймина боху: Ца хаар бахьан долуш бехказло ялар - иза Къуръано суннато тIенисвеш дерг ду. Цхьанна адми ницкъ кхочур бац нисса цхьа далил даладан, адмана ца хаар аьлла цунна бехказло яц аьлла. Ликъо́ул-ба́би ал-Мафту́хь, (33) 12 шайна луучу аг1ора д1асам хьизор ду, цхьа дало до шеш бохуш кегам дийр ду 1илма доцу нах 1ехош, амма дало цхьа далилам дац!!! т1аккха оцу хьокъехь 23 фатва аьлларг еша дуьххьар дуьйна, чеккхе комментаришкахь ю хьуна цунна https://vk.com/wall-23776385_175204

Теги других блогов: Ислам Хаттар Анонимность